Барзо диъна моз

Нанас лергах мехий дохуш,
КIанте хьехар дина бах:
«Со ю хьуна цIера йолуш,
Вон ца лелаш, Iелахь цIахь.

Пешо «овиш» дийр ду хьуна,
Нагахь цунна тIегIортахь…
Вайн ишкап чохь борз ю хьуна,
Варий, неI ма еллалахь».

Амма кIентан са ца тийна,
Нанас баьхнарг кхочушдан.
Ишкапан неI цо йиллина,
Къайлехь лечкъа экха ган.

ЦIа ма-кхеччи хиъна нанна,
Банки чохь цахилар моз,
Бехках хьалхаволуш кIанта,
Цунна бехке йина борз.

Пеша уллохь дижна хилла,
Цициг хьалагIаьттина.
Гучадоккхуш кIентан хIилла,
Бабе дийца гIоьртина:

КIанте хьоьжуш, багахь хур деш,
Вийца гIерташ диънарг моз,
ХIуьттура и кIантана теш,
«КIант ю, -бохуш,- жима борз!»


Рецензии