Бералле ойла
Лаьа доггах декъалдан.
Дено-дено толуш хьелаш,
Дахар хазлуш ирсе ган.
Лаьа хуьлда кхерам боцуш,
Дуьненчохь аш йоккху хан.
Даим вовшех марзо оьцуш,
Самукъане шу доьлуш ган.
Хазахета, цIена хета,
Бераш ловзуш йоккху чан.
Сан бералла яьлла гена,
Тахна хета иза гIан.
Сан ойла-м ю шуьца ловзуш,
КогашIуьйра идош чан.
Шун машаре яххьаш йоьлуш,
Цунах хуьлуш дагна там.
Свидетельство о публикации №111110903090