Бералла

Iуьйрре хьалагIаьттина,
Мачаш хьарцхьа юьйхина,
Серах кечбеш дин бина,
Ченашлахь ас хихкина.

БIаьсте йолуш, полларчий,
Зезагаш а лардина.
Кегий, яккхий хьаннаш толлуш,
ХьуьнцIазамаш лехьийна.

Эвлайисттехь обаргех
«Трах-пах» бохуш левзина.
Жоьра-бабин туьйранехь,
Iаьржа-ХIожа эшийна.

ХIинцаъ суна диц ца ло,
Кхоьллина цIераш жималло:
Айкур, тава, чик а бик,
Ловзар гIулгех шиъ я виъ.

«Чурна», олий водий тIе,
Луьйчуш, Хулон баккхар берд.
Комарш яа дитта тIе,
Вийлар хьала, лоцуш керт.

ХIора хенан шен мур бу,
Хохку салаз бердах чу.
Девзиг карахь Лайн баба
ХIоттош кхечо гуо табо.

КогашIуьйра цаидарх,
Маьлхан денош дагардеш,
Бералла, ахь со вицварх,
Со ву хьуна сагатдеш.


Рецензии
Иэсехь даима безаме лаьтта-кх хьо, бералла!

Асламбек Гайтукаев   30.05.2022 01:09     Заявить о нарушении