Ши дог вовшахтосу тIай ду безам...

Ши дог вовшахтосу тIай ду безам.
Юккъехь - къастар, ший а берд бууш.
И тIай хIинццалц вайшинна ма-дезза
Курра лаьтташ дара, шир ца луш.

Амма хено, пусар ца деш, хIинца
Чудожий вайн дегнийн къона тIай.
Цхьа а гечо дацахь къастар-хица,
Кхочур дац-кха вовший тIеттIа вай.

Тевзана, 1977 шо


Рецензии