Берашна лерина
*** *** ***
Тайниг
Ц1енкъахь 1уьллу жима тайниг,
Чурадаьккхина куьг- ког,
Хьанна ,жимниг,хьо ца тайна,
Хьенан хьох ца лези дог?
Х1инца дийр ду ас хьан дола,
Куьг а ,ког а х1уттур ду,
Хьожур ю хьан дахар кхола,
Ирсе дуьне гойтур ду,
*** *** ***
Хинкема
Кехатах дина хинкема
Хоьцур ду х1орда чохь лела
Нека дан и цу чохь 1ема,
Говза дина долу дела!
*** *** ***
Бекъа
Дадас суна бекъа эцна,
Бора басахь лепа кхес,
Х1инца иза хит1е эцна,
Г1ур ву,тиллина к1айн пес.
Говро ловзуш ц1ингаш бетта,
Жима дошло д1асаветта!
Газа-гуьзалг
Бабин газа-гуьзалг яхна
Яжа-кажа кондаршка,
Сарралц Дадас –Бабас лехна
Кара ца еш бодашкахь?
Х1ун дан деза ц1а ца яг1ахь,
Холчохь Бабий-Дадий ду,
Ца олуш мегар дац хьаха,
Даха-дахка цхьанхьа шу.
Бад а бедан к1орнеш а.
Де ду кхехкаш,
Малхах детта,
Бад ю техкаш
1ам чу едда ,
Т1аьхьа яьхна
К1орнеш шеен,
Цуьнан даьхни-
Дерриг к1айн.
*** *** ***
Туьйра деъна хьошалг1а
Буьйса еъна ,бода бахьаш,
Седарчашца бода сегош,
-Тхо д1адийша мА ца даьхьа,-
Бераш боху шайн дендега.
Дадас вог1ий туьйра дуьйцу,
Бераш набаро д1алуьйцу.
Ваха
Арахь хеза херхан г1овг1а,
Кет1ахь цхьаммо етта ж1ов,
Же, д1асовца,вижна Ваха,
Самавалахь, хир ду дов!
Свидетельство о публикации №111110708811
Ильман Юсупов 08.11.2011 01:26 Заявить о нарушении