ЦIа до-кха, хIиттадеш кораш...
НеIарш а - оьшшучохь дIа.
Хинйолчу шен уьйтIа нораш
Шершадеш, безам а Iа.
Чутуху тоьллачех аннаш.
Хьалабо исбаьхьа тхов.
Чоьнаш ю - безаман баннаш,
Ткъа цIа ша – кхолламан бIов.
ЦIа долу шатайпа серла,
Къона шиъ чудерзадеш.
Кхерч кхуллуш цаьршинна керла,
Массара белхи а беш.
Безам бац хьостамех ийна,
Я къовлуш, тIетоьхна у.
Амма ша чохь Iачу цIийнан
ГIишлонал и чIогIа бу.
Хоттане, 1975 шеран июнь
Свидетельство о публикации №111110707470