Стихаш язъеш, цхьаммо хестаяза...
Лаьмнаш юккъех, хьаннаш юккъех ялий,
Цомгаш хилий, кхеташ ирсан лазар,
Йола, дарба лоьхуш ю хьуо, алий.
Эз-эзарза суна гIенах гинарг
ЦIахь я генахь, ткъа наггахь…сайн долахь.
Иэдай бIаьрхиш Iуьйкъа хенан тхинах,
Йола майрра хьо сан дагна къолах.
Месаш юккъе гулдай баьллийн заза,
Батте оьхьуш хьайн юьхь-сибат ховха,
Безам бахьаш, цхьаммо лечкъабаза,
Йола, дуьне латто суна довха…
Хоттане, 1978 шо
Свидетельство о публикации №111110707153