Цхьа чов екъа вайша шимма...
И хилийта жимма-жимма.
Декъа вайша диттийн гIаш а,
Тхов тIе дина деха шаш а.
Екъа вайша аре тийна,
Бецан канахь тхиш а луьттуш.
Екъа вайша стигал сийна,
Тоьлла агIо хьуна юьтуш.
Екъа вайша беттан хьайба,
Дакъош дарца цхьацца-шишша.
Бекъа вайша цхьа мотт-гIайба,
Цхьаллин бала кхин ца Iийша…
Хоттане, 1975 шо
Свидетельство о публикации №111110706699
Адам Ахматукаев 08.11.2011 12:54 Заявить о нарушении