Муса Ахмадов. БIаьстенан похIма
ХIетахьлерачу Iедало мелла а ойланаш кхолийначу «пхьарматхошна» Iаламат чIогIа оьшуш а, дарбане а яра иштта дахарх тешавен поэзии.
Суна хьалххехь евзинера цуьнан воккхах волчу вешин Юсупов Iилманан стихаш. ИбрахIиман поэзи Iилманачух къаьстара васташ чолхе ца хиларца, шовкъех, синхаамех кхехкаш хиларца. (Iилман мелла а шийла а, хьекъале а, чолхе, кIорге васташ дезаш а ву)
ИбрахIим ша а вара, шен поэзи санна, кхехкаш, дахарх Iаба ца туьгуш, и доггах дезаш стаг. Иза сиха вара - шена лаьтта тIехь яккха йиснарг кIеззиг хан юйла хууш санна – доттагIийн, Iаламан, безаман, кхоллараллин марзонаш йовза. Цунна везаш а, цо гочвеш а вара оьрсийн поэт Есенин Сергей.
ИбрахIиман амалехь самукъане хиларца цхьаьна цхьа шатайпа сингаттам а хаалора. Шена хиндерг хууш санна, язйинера цо «Аьрзунан нана» стихотворени. Шен кIорни яйна, балано хьовзийна, «чубузучу малхах шен накха бетташ» йоьхна хьийзачу нана-аьрзунах яра и стихотворени. Кестта иштта бIаьрзе хьийза йисира ИбрахIиман шен нана а.
Иза дара I982-чу шарахь, бIаьсте аьхкене йоьрзуш, Веданара хьаннаш –гIана, лаьмнаш – бацана дукълучу хенахь…
Иттех шо дIадаьлла хIетахь дуьйна. ИбрахIиман стихаш тахана а ю вайца. Уьш, хьалха санна, дагах кхеташ а, бакъ дахаран аматаш шайца долуш а ю. Цо а гойту Юсупов ИбрахIим нохчийн литературехь дан кхиънарг, ханна доцуш, гуттаренна а хилар…
Муса Ахмадов, нохчийн яздархо.
«ОРГА» журнал, 1992 №3.
Свидетельство о публикации №111110706115
Дела реза хуьлда цунах лаьцна х1окху аг1он т1ехь яздеш волчунна.
Стихи.ру чу яьлча,дуьххьара цкъа цуьнан поэзих б1аьрг кхийтира сан,юха халахийтира биографи ешначул т1аьхьа и воцийла хиъча..
1аламат хаза,дагах кхеташ ду х1ора байтийн мог1анаш..Есенин дага а дера вог1у литература евзаш волчунна...Кхолларалла реминисценцеш ю аьлла язйина Канташан ойланаш а карлайовла там бу кхузахь.Классически поэзин х1ордах кхача беш ца хилча-м боккъал а къен хила мегара муьлхха а кхолларалла... Бакъду,дукха хьолахь суна х1ора поэтан шен-тайпаналла го, иза йоцуш верг литературехь виса а ца вуьсу...
Ибрах1им -"самородок" хилла,иза кхин а ваьхнаьхьара олий а хета...Делахь а Делан кхел ца лелча ца йолу...
Цуьнан вешин 1илманан поэзи а ешна ас,къаьсттина 1992 шарахь арадолучу "Орга" журналан аг1онаш т1ехь а ,юха "Заманан мазлаг1а","Иесан г1у" гуларшна т1ера а,интернетхула карайина.
"Шийла" васташ бохучуьнца реза хила хала ду, ас хьекъале васташ эр дара царех..Юьхьанца Леча Абдуллаевн дара иштта чолххе иллеш..Замане хьаьжжина бен схьакъеда йиш яц поэзин малх дахаран 1омара,я шовданера...Дагара язйина,синхаамех литтина ю Ибрах1иман б1аьрла поэзи,ткъа синхамашна т1ехь олалла латторца билгалйолу цуьнан вешин байташ...
Стихх1отторан 1илма лаккхара девзачех цхьаъ ву 1илман.Цуьнан сонетийн гулар"Иесан г1у" вуно ч1ог1а ритмица ,рифмица а нисйина ,маь1на ца дохош х1оттийна а ю,т1аьххьара мог1а рог1ерчу строфахь хьалхара а нисбеш,и йоккха корматалла а ,говзалла а хета суна.
Россин 20-чу Даточу оьмаран литературехь билгалбийлинчу поэтийн(К.Бальмонт,В.Брюсов кхи д1а а ) башхаллаш а го суна 1илманан стихх1отторехь,стихосложенин 1илма кхиорехь.
Цуьнан байташкахь вастийн дукхалла хаало(имажинизм),амма литература керлачу эг1анна т1еяларан билгалонаш ю уьш,керланиг лехарца бен к1арг ца ло къоман культура...Массо а санна хила а ца г1ерташ,шен керла хат1 а ,кеп а ю Ю.1илманан кхоллараллехь
Нохчийн литературехь дуккха а ду алаза дисинарг а, дастаза дисинарг а.Оцу 1алашонца ас туьдун ерг уггаре а хьалха шаьш биц бан хьакъ доцучу поэтийн кхолларалла ю.
Царех уггаре а синна гергарниг-Юсупов Ибрах1им а волуш,ч1ог1а хазахетар дара цунах лаьцна хетарг олуш стаг карийча стихирехь .
Цуьнан кхолларалла зорбане яккхарна Дела реза хуьлда .
Тергамехь латтайо денна цуьнан аг1о...
Лерамца,нохчийн къоман бакъ а хьакъ а йолчу литературех дог лозучех йолу
Петимат Абубакарова 07.11.2011 20:18 Заявить о нарушении