Дерриг дицди

Дерриг дицди… Кхийдац со кхин ирсан цIаре.
Суо Iаш ву со, кху тийналлех буьзна бIаьрг.
ХIетте а, со-м ву сатуьйсуш цхьа йоI гаре,
Ца хууш ерг сан дахаран цхьа а хьаьрк.

Цуьнан дуьхьа сайн гIуллакхаш дIа а тесна,
Со шайх хьегна дерриг хьашташ довлуш сов,
Цунна коч ян тоьлла дари, махмар эцна,
Кхочур вара и Iаш йолчу юьрта со.

Цунна тIаьхьа, гезъеш луьста, акха хьаннаш,
ГIур вара со, дорцехь техкош ага син…
…Хир вара со тоьаш, тера хилчахьанна
Ас цкъа мацах бехках лар ца йинчух и…

Хоттане, 1977 шо


Рецензии