ГIенах гин суна сайн Даймехкан декхнаш...

ГIенах гин суна сайн Даймехкан декхнаш,
Басешца хьирчинчу дахкарех декхнарш.

Гин суна кхолламан дагтIера хьаьркаш -
Iаьмнаш чу хьоьжучу  седарчийн бIаьргаш.

ГIенах гин дайн кIотар, туьнкалгаш, кIарраш,
Ламанца гIергIа сеш, лепадеш карраш.

Сайн гIенаш де-дийне бакъ хета тIеттIа,
Ткъа, дерриг самах дерг - гIенах гуш хета...

Сахалин, 1979 шо


Рецензии