Петимат Абубакарова. Поэзин дашо хьоста
Юсупов ИбрахIиман кхолларалла боккъал а цхьа ша-тайпа адамаш тIеуьйзуш дашо хьоста ду, цкъа цуьнах къурд бинарг, юьстах а валалур воцуш. Дела реза хуьлда цунах лаьцна хIокху агIон тIехь яздеш волчунна.
Стихи. ру сайта чу яьлча, дуьххьара цкъа цуьнан поэзих бIаьрг кхийтира сан, амма юха, цуьнан биографи ешначул тIаьхьа, халахийтира, и дуьненчохь воцийла сайна хиъча.
Iаламат хаза, дагах кхеташ ду ИбрахIиман байтийн могIанаш. Есенин дага а дера вогIу литература евзаш волчунна. Кхолларалла реминисценцеш ю аьлла язйина Канташан ойланаш а карлайовла там бу кхузахь. Классически поэзин хIордах кхача беш ца хилча-м боккъал а къен хила мегара муьлхха а кхолларалла. Бакъду, дукха хьолахь суна хIора поэтан шен къаьсттина шатайпаналла го, иза йоцуш верг литературехь хенан йохалла виса а ца вуьсу.
ИбрахIим, доцца аьлча, «самородок» (дашо б1елиг) хилла, иза кхин а ваьхнехьара, олий а хетало. Делахь а, Делан кхел ца лелча ца йолу...
Цуьнан вешин Iилманан байташ а ешна аса, къаьсттина I992 шарахь арадийлинчу «Орга» журналан агIонаш тIехь а, юха цуьнан шен къаьсттина араевллачу байтийн гуларш тIехь а, масала, «Заманан мазлагIа», «Иэсан гIу». Иштта, интернетан агIонаш тIехь карийна а ешна аса цуьнан байташ.
Амма Iилманан васташ «шийла» ду бохучуьнца реза хила хала ду, аса-м хьекъале васташ эр дара царех. Юьхьанца Леча Абдуллаевн а дара иштта чолхе иллеш. Суна хетарехь, замане хьаьжжина бен схьакъеда йиш яц поэзин малх дахаран Iомара я шовданера.
Даггара язйина, сирлачу синхаамех литтина ю ИбрахIиман бIаьрла поэзи, ткъа синхамашна тIехь олалла латторца билгалйовлу цуьнан вешин байташ.
Стих хIотторан Iилма кIорггера девзачарех цхьаъ ву Iилман. Цуьнан сонетийн кочарш, масала, «Иэсан гIу» вуно чIогIа ритмица а, рифмица а нисйина, маьIна ца дохош хIоттийна а ю, хьалхарчу строфан тIаьххьара могIа рогIерчу строфахь хьалхара а нисбеш. Иза йоккха корматалла а, говзалла а хета суна.
Россин 20-чу бIешеран «Даточу оьмаран» литературехь билгалбийлинчу поэтийн (К. Бальмонт, В. Брюсов, иштта дIа кхин а) башхаллаш а го суна Iилманан стих хIотторехь, стихосложенин Iилма кхиорехь. Цуьнан байташкахь вастийн дукхалла хаало (имажинизм), амма нохчийн литература керлачу тIегIанна тIеяларан билгалонаш ю уьш, керланиг лехарца бен кIарг ца ло къоман культура. Массо а санна хила а ца гIерташ, шен керла йозанан хатI а, шатайпана вастийн кеп а ю Юсупов Iилманан кхоллараллехь.
Нохчийн литературехь дуккха а ду алаза дисинарг а, дастаза дисинарг а. Оцу Iалашонца ас туьдун ерг уггаре а хьалха шаьш биц бан хьакъ доцучу поэтийн кхолларалла ю. Царех уггаре а сан сина гергарниг Юсупов ИбрахIим ву. Суна чIогIа хазахетар дара цунах лаьцна хетарг олуш стаг карийча хIокху стихи.ру сайтехь. Цуьнан кхолларалла зорбане яккхарна Дела реза хуьлда.
Аса денна тидамехь латтайо Юсупов ИбрахIиман агIо - нохчийн къоман бакъ а, хьакъ а йолчу литературех даим дог лозуш со хиларна.
Петимат Абубакарова, нохчийн поэтесса, яздархо.
http://www.proza.ru/2011/11/07/1524
Свидетельство о публикации №111110710038