Дешарх кхетам
Шен ненан маттахь ло хьекъале къомо.
Нохчашна-м и бакъдерг шеконехь хетта,
Шайн боцчу матто лучу Iехийна соьмо.
Пачхьалкхан коьрта мотт оьшуш ду хаар:
ГIуллакхийн урх карахь даржаш цо доькъу,
Цуьнгахь йу рицкъанаш вайн тоден кохьар,
Кегийчу меттанашна цо марчо тоьгу.
Цундела мел доккха къоман мотт леш бу,
Пачхьалкхан гIуллакхийн хьаштех и хаьдча,
Хазарийн, латинийн – маса мотт теш бу,
Дуьненан оьмар йовш, Iожалле кхаьчна.
Вайн мотт бац, х1ай нохчий, и кхерам байна.
И кхио – хIора и Iамош 1а веза:
Дош хеташ, хьал-бахам тIелоьхуш санна,
Йа кхочуш деш санна АллахIан парзаш!
Свидетельство о публикации №111110609878
Ларамца,
Асламбек Гайтукаев 23.05.2022 21:07 Заявить о нарушении