Синкхача
– ХIун хIоьттина хьоьга,
Де, буьйса ца къастош
И йозанаш хьекха?–
Уьш доьшуш наггахь вац,
Ма эрна къахьоьгу,
Цул, аравалий, хьайн
Аттана буц хьекха!
Йол гулйан ницкъ бацахь,
Метиг тоха беша
Йа мах бе базарахь,
Iемаш йохка-эца!
Байтех ма хьанлур вац-кх,
Чуьра хаьдча маша,
Сом ца ло хьайн стихаш
Сихха пеша хеца!
Жоп ло ас сайн дагахь:
– Iужа, хьо-м бакъ лиэра,
Хьо санначу IуьтIанийн
Хьуо хиларна эла.
Ма дийби хардангаш,
Бежалой, тхан Дела!
Дуьне дIалеIа йу те
Къонахийн къелла?!
Дуьненан зовкхашца
БIаьрг хьостий бахамо,
Iехалуш довлу вай
ТIаьхьлонан синкхачех:
Саъ ма ду, дегI санна,
Кхиош шен рицкъано,
Шен паччахь – Iеса дегI
Лардан жоьжахатих!
Бу адмийн кхетамна
Маршо лург синкхача…
И кхуьу дешарций,
Iилманций, тассамций,
Оьздачу гIилкхашций,
Хьанал къахьегарций,
Вовшашца барт болуш
Далла йен Iамалций!
Свидетельство о публикации №111110609866
Ларамца,
Асламбек Гайтукаев 23.05.2022 21:11 Заявить о нарушении