Нохчашка
Буо хилла, тийжаш бу, тийна…
Дицдинчу шен дешнийн йайна чот, –
Къурдаш до, хийрачух ийна.
Ломан хиш, хьейелча йочанаш,
Дакъало, гIад гомха долий, –
Дехкарна кхиаран гечонаш,
Вайн мотт бу довш къоман дола:
Хьаькамалле некъ цо ца боьхку,
Эшац и куьйгаллин даржехь, –
Дац цуьнгахь дитна «туьха доьхку», –
Хадийна рицкъ лоху кхожах;
Кел арахь, дац цунах дезарш,
Йоза, дешар, бийцар ду беркъа.
И бисна дIадерзо тезеташ,
Цигахь мукъа битхьара, пекъар!
Къоман мотт леш ма бац, хIу дарна,
Ле гайн йал лоьхуш берш дебча, –
Йахь йа йуьхь ма дагахь йац царна,
Шайл тIаьхьа къам бердах дахча!
ХIай нохчий! Вайн дай маца хилла
Къоман йуьхь сискалах йухкуш?
Мотт хьалха лахь, цу къемат дийнахь
ХIун аьр вай Деле, барт хоттуш?!
Свидетельство о публикации №111110609821
Дашо Аргунская 07.10.2012 00:31 Заявить о нарушении
Дашо Аргунская 07.10.2012 00:39 Заявить о нарушении