Сайд-Хьасане

Кацаев С-Хь. 40 шо кхачарна
 Сан шерийн пхьуьйренехь девзи вай,
Иза дара тассаман* хьармехь,
Дистхуьлуш довзаре довлале
Васт суна хьан дийцарша хьоьхуш,
Къамеле девлча-м, гуш, карий хьо
Хьайн йозанийн суьртахь чул хьолехь –
Тем байна, машарна ц1елетта дог
Шуйрачу хьайн кийра ца тарлуш.

Атта дац нахалахь схьакъасто
Гергара хетариг хьайн сина, –
Пунт туьха дууш хьо кхиарах
Цуьнца цхьаьна бераллехь дуьйна;
Кхиамех кхаъ хуьлуш, эшамо
Цхьатерра шайн Iовжабеш кийра,
Кхуьуш бу-кх тешаме доттагIий,
Дахаро дабагI дарца хьийна.

Хьо шерийн заздет1е ву волуш,
ДогцIена хьоьгу со цу хенах:
Адаман дахаран гIушлакхе
Ца кхаьчна хIинца а хьан Зама.
Теша со, похIмаллин хьан къолам
Iилла йиш йац дIатесна сонехь,
Вайн къомах бакъ дош цо кхайкхор ду
Дуьненан бIаьрг бузош вайх кхана.

Ахь нохчийн гIиллакхаш лардина,
Осалчу амалех д1ацIандеш,
Даймехкан сий айдеш, догу дош
Аларна, хьайн дахарца дустуш,
Вехийла хьо могуш, кхетам чохь,
Цабашарца дог Iуьттурш къарбеш,
БIешерийн йахаллехь кхин дIа а
Хьайл тIаьхьа масална лар йуьтуш.

Со-м ала говза вац, Сайд-Хьасан,
Аьхна дешнийн нисдина гулдар.
Хьо меттан зарзарша хеставарх
Эмгараллин хьагI хир йац соьца.
Парнасехь хIораммо зезагийн
Шен кеда йутту молу дургал,
Цундела ас тахна ойуш берг
Кхолламо соьга белларг беца.


Рецензии
Автор догц1ена стаг а, говза поэт а хилар гойту х1окху стихотворенино. Дала т1аьхье беркате йойла. Ларамца Мансур.

Ильман Юсупов   08.11.2011 01:09     Заявить о нарушении
Дела реза хийла хьуна, Мансур.
Нохчий санна вовшех довха дош ца алалуш къам кхин хир дуй-те?
Къилбаседа Кавказан муьлхха республике вахча а, шайн махкал арахь бевзаш а боцчу яздархойн, поэтийн а кхоллараллех лаьцна язйина дуккха а монографеш хуьлу-кх церан.
Вовшийн сийдан 1ама дезара вай.
Маршаллийца, Зайрбек.

Заурбек Хамерзаев   10.11.2011 11:49   Заявить о нарушении