Сан дашо сахьт ду-кха стоьла тIехь Iуьллуш...

Сан дашо сахьт ду-кха стоьла тIехь Iуьллуш,
Стомара дуьйна дIа иза-м ду сецна.
Ши цхьамза лаьтташ бу – кIадбелла-те уьш?
Ас дулахь, сахьт дола лур дуй-те  хецна?

Моттало, сахьт санна, сецна Iа зама.
Амма и бакъ дац-кха  – и йоьду хьаьдда.
Йоьду и сов сиха гуш йоцчу пана,
Челакха дин санна, реманах хаьдда.

Зама сан сахьтаца лелаш елар-кха,
Сан сахьтан цхьамзанаш шен архаш йолуш.
ТIаккха и даим сан карахь хир яр-кха,
Шен сацар, дIаяхар соьх доьзна долуш.

Сайн сахьтан цхьамзанаш юха хьовзийна,
ДIадахна бIешераш ас луьстур дара.
ДIаяхна и зама ерриг а зийна,
Ас цуьнах лаьцна цхьа байт язйийр яра.

ХIан-хIа, и хир дац-кха! Сатийсар – эрна!
Дуьйцуш а хета и туьйранах тера.
Геннара дуьйнна схьа кIад ца луш йогIург,
Сахьто а сацор яц, дойтуш ша боххург.

И-м чехка йоьдуш ю, шен чабол эцна,
Цхьа бере вац цунна лаьттахь нуьйр туьллуш…
Стомара дуьйна дIа кIадделла сецна
Сан дашо сахьт ду-кха стоьла тIехь Iуьллуш…

Хоттане, I973 шо


Рецензии