Кхолламах а, безамах а...
Къайллаха хьоьга сатийсарца
Еш йолу саб1аьрза,тембоцу Ойла,
Хьан амат массанхьа лехарца,
Г1енах и гаре сатийсарца,
Догдохуш,сирлачу Безамца,
Хьо ирсе ван а...
Нагахь сан и ойла
паналлехь ша хьийзахь цхьалха,
Ткъа хьан а кхин йо1о,
сан санна дайьинехь 1ойла,
Кхечуьнан васт делахь
даим а б1аьргашна хьалха,
Т1аккха-м сан бакъо яц,Хьоменаг,
хьан дагца къийса,
юьсур ю,со йолчехь, къайлаха,
хьоьга сатийса.
Ткъа нагахь безамо дагийна
шелдинехь дог хьан
Дендала ца тигахь,д1алекънехь
безаман шовда,
Ас Деле доьхур ду
Хьан дагчохь Цуо серло кхоллар,
Леттачу цу ц1аро
сан коьртехь илли ма кхоллара...
Ца хилахь Азаллехь язбина
Цхьаьна вайн кхоллам,
Нигат ду ас дина
Безамах цхьа илли кхолла!
31.12.1995
Свидетельство о публикации №111110500928
Баркалла.
Ларамца
Заира Ибрагимова 14.02.2012 22:13 Заявить о нарушении
Ларамца, Заира.
Заира Ибрагимова 17.03.2012 11:56 Заявить о нарушении