Безаман кехат
Езар, хьо бахьанехь юха денбелла
Сан безам - леринарг ас хьалха белла,
Кхин гур дац моттарна исбаьхьа гIан.
ХIинца-м хьо дIахIоьтти, сан хьоме хьаша,
БIаьргашца баго сан гIайгIанан маша,
Ларийнарг сан дагчохь шен хьукма дан.
Меллаша дIаэхарх къоналлин шераш,
Йовхонна къий ца ло хьан бIаьргийн цIераш.
Йогу уьш, Iенош шайн комаьрша нур.
МIаьргонан баррамал хьаьжча а хьайга,
БIаьцанца ов детташ сан деган Iайга,
Ахь карзахдоху сан ойланийн сур.
Суна-м ца кIордадо хьоь еза баха,
Сайн бIаьрийн нахаршца хьан беснеш аха,
Тосуш хьан балдаш тIе сайн синан хIу.
Нагахь ас ю алахь хьо малхах тера,
Цецъяла ца гIерташ, хилалахь къера:
Сан безам стигалца зIе йолуш бу.
Хьан син кхаш цIандеш ю сан деган метиг,
Царна тIехь ца бита гIайгIанна меттиг.
ДIадоккхуш шеконийн асаран дух.
Мел хаза хир ю хьан къоналлин аре,
И хилахь даггара хьоьжуш со варе,
Шена кхин аьттехьа ца дуьтуш къух.
Механа лах ма де вай вовшийн довзар.
Ас хьоьга дуьйцуш дерг дац хьуна ловзар.
Гара луьйш бац хьуна поэзин мотт.
Вай цхьаьна яьккхинчу мIаьргонийн терахь
Жимлур ду хьан дагахьбалламо лерахь -
Хьайн дегайовхоне тохийта чот.
МуьтIахь беш суна хьайн ойланийн гIаттам,
Ца ели шеконца хьо девне атта-м:
Иркено ма чIогIа лаьцнера хьо!
Дика ду-кх эххар а вай вовшех кхетта,
Дог даьгна далале ирсан цIе летта,
Безаман пурбанца ас доIа до.
2
Сан езар, хила а тарло хьо нийса -
Сан хIинца хIумма а дац хьоьца къийса.
Цхьаттера хилла вайн ойланийн кепаш,
Вайн уьйр ца кхолийта, дуьхь-дуьхьал лепаш.
Хилла вайн догIмийн а, синойн а алу
Ницкъ болуш дагадан гIайгIанан талу.
Сан кехат хьеделча, елха ма елха,
Хийрачийн цабезам шершабеш хелха.
Тергал а ма бе ахь гIийбатийн маша,
И бузуш волчух а ца оьшу яша.
Эрна ца аьлла-кха дешначу наха:
«Ша лелош волчух бен ца йоьду хьагI а».
Питанийн бодане кхин дIа ца къерло
Вайшиммо ларйина безаман серло.
Иза ю хьан беснийн алунах тера
Со чIогIа хьаьгна ву и эца кера.
ТIаккха со хир вара бIобулуш ирсах –
Безаман пхьалгIарчу массо а гIирсах.
Гича сайн ойлано даьккхина заза,
Хууш ву хетар дуй хьан дагна хаза.
Дебаеш сан шовкъаш массийтта эзар,
Хьо хIунда хьийзаш ю дийцахьа, езар?
3
Хьо лоьхуш мел лелла сан когийн лараш
Лаьтташ ю хьан бIаьргийн шовданна хехь,
Царна хьоь даре дан ца хета эхь.
Ткъа ахь уьш гIиллакхах йоьхна ма лара
Сел чIогIа инзаре хьайн тидам барна:
Хьан беснийн ховхалла тайна-кха царна.
Хьо сайна мел ги а, цецволу со.
Тарлой хьо зIаьнарх сайн кхолламан маьлхан.
Хьоькху цо сан дагтIе серлонан аьлха,
Шовкъана ирдеш сан хIора а шо.
Мел лаьттар ду-техьа сан къона дахар
Безаман Iаьцик а ца бевзаш, Iахар?
ДегI идош хьан цIарна уллера дIа,
Юьхь лечкъош, сайга хьо хьаьжча кIиръелла,
Эхь-бехкан халбатахь со гIийлла Iа,
Тийналло ша хьеста пурба а делла.
Амма сан иллешна бац цхьа а чIагIам:
Хьо ю бах цара шайн дуьненан бахам.
Моттуьйтуш ца оьшу сайна хьан аз,
Суо хIунда лево-те де-дийне ас,
Хьо езаш суо хилча дог хьерадаллал.
Син ирке стогаллин дахкарлахь йовш,
Болатан бос оьцуш, кхиъна сан дош
Цхьа оршот буьйса хьоь билгалъе аллал.
Дехарна жоп а луш, баккхахьа мэл,
Ма-хуьллу токхъеш сан дахаран кхиэл,
ХIаллакдеш хьайн хьажар якхдина хIилла.
Хьо ерриг ца йовзарх шекваьлла со:
Мацца а сан дола яьлча а хьо
Iан йоллу сан кертахь, къайле а хилла?
4
Кхерстанча боху дош цIе а еш сайн,
Хьо лаха дуй биъна, со новкъа ваьлла.
Сатийсам, ламанийн баххьел а кIайн,
Сан деган дилханах дIалетта баьлла.
Къоналла сайн карахь йолччуьра, цкъа
Воллу со сайн гIуллакх хьан дагца къасто.
Ас иштта алар ахь ма лара къа:
Со-м чIогIа тилийний хьан кIайчу васто.
Сирлачу гIайгIано хьоьсту сан са,
Хьан куьйгех тардой шен гIелделла тIемаш.
Дуьненан гIовгIане доьгIу ас ла,
Цу юккъехь хьан зевне аз довза Iемаш.
Шена ма-хеззинехь шеконан мохь,
Гатделла са сих ло сингаттам цIуббан…
Ас зихIарт диллича хьайн бIаьргаш чохь,
Ахь а е сан дагчохь хьайн вастан къубба.
5
Хьо ца гар сайн деган синтем а лоьруш,
Биттира ма-хуьллу ас хьуна пе.
Лийлира, со чIогIа хьо еза кхоьруш,
Амма со кхийринарг хIоьтти-кха тIе.
Дезар ду суьйренех хьерча сан хIинца,
ШовдантIе хьо лелла некъ цаьрца гуш.
Хьан бIаьрхих тардина шовданийн цинцаш,
Iийр ву со син лазам сайн дIа ца туьйш.
Сайн цхьаллехь даккхийра синош а дохуш,
Ас байташ язйийр ю хьо хестаеш,
Батто шен нахарца дIо стигал охуш,
Сайн дагалецамаш кега а беш.
Ткъа хьуна лаьий-те со юхаъ гойла,
Хьажарца хьайн хьостуш пардо сан син?
Безаман дагар ду ягош сан ойла,
Къастаран шелонал чIогIа ду и.
6
ХIоккхузахь – тулгIенаш, мехаш,
Ткъа, цигахь – лам хьуна хехь.
Хьан са ду Нохчийчохь дехаш,
Сайниг ду - Сахалинехь.
Хьан са ду полланах хьийзаш,
Цецбохуш зезагийн мохк.
Ткъа сайниг гIайренна тийжа,
ХIорда тIе дазделча дохк.
Хьан са Iа дайн кхерчан юххехь,
Вайшиннан хийист а гуш.
Сан са Iа хIордана юккъехь,
Маяко серло а луш.
Хьан суьрто вайн цIа со воьху,
Ойланехь со вогIу дIа.
Хьан вастехь ас къайле лоьху,
Кароре сатуьйсуш Iа.
7
Сан суьрте хьажа ма кхера,
Хьажар хьайн дIаидадеш.
ГIайгIанехь ма хила дера,
Цхьаллина ма хIитта теш.
Шовкъашца латтабеш къийсам,
Ма е сан ойланна чов.
Некъ бита жимма сатийса,
Бекхамехь ма яла сов.
Дахаран некъ бу сан готта,
Шиъ морзах дала ца луш.
Цундела хьуна ма мотта,
Ас хьулдо хьайн кхиэлан гIуш.
Ма мотта ерриг а хаьдда
Вайшинна юккъера зIе.
Замано, йоьдучо хьаьдда,
Дог чехош, паргIат ма Iе.
Цецдохуш дуьне я эхарт,
Ма дайа вайн ирсан доь.
Баттахь цкьаъ мукъне а кехат
Яздехьа, хьомениг, соь.
Сахалин, 1980 шеран март
Свидетельство о публикации №111110200351