Дай баьхна латта
Гечдийра дуй те ахь къиношна тха.
Хьо лардо тхаш моьттуш, хьо ц1ийла керчийна.
Т1емашца дагийна дожийра хьо.
Вай берий маьхьарша 1адийна латти хьо.
Вай йижрий б1аьрхиша дашийна т1унди хьо.
Вай наной сингаттам сов баьлла дуьжи хьо.
Вай к1ентий майраллех дог дуьзна г1аьтти хьо.
Вай доккха дозалла, вай Нохчий к1ентий.
Халоно, балано ца къарби уьш.
Шаьш бехач заманахь нохчий сий айдина.
Шай синош ца кхоош д1а ихи уьш.
Мел зама д1айаларх шу ц1ераш йицлур йац.
Йовр йацкха къонахчун йаькххина ц1е.
Х1ар дуьне мел деха, мел беха Нохчий.
Вай Нохчий иллешкахь дехар ду шу.
Къинт1ера далахьа дай баьхна латта.
Къонахий эгначехь дисарна даха.
Цар баькххан толамна сий делахь латта.
Уьш санна къонахий ларбелахь вайна.
Къонахий эгначехь сийна буц ели.
Сингаттам д1а баьлла синкъерам хоьтти .
Вай бераш ловзу чохь малх маьрша кхийти.
Нохчий чохь дахар ирсе д1а хоьтти.
Свидетельство о публикации №111102908792