Маршонан къилба

 Бицлуш бу ненан мотт денна,
Цу бух тIехь йац Iамош тIаьхье,
Дайн гIилкхех девлла вай гена,
Дозанел кхевдина дехьа.

Нохчийн мотт иэшар, цаиэшар
Пхьоьханийн дийцаре даьлла.
Махкахой, вешан мотт хьешар, –
Йуй те гIулч къомлара довла?
 
Лайн амалш, вайн дай ца баьшна,
Кхуьуш йу доьзалшкахь говза,
Маршо йуй, хьанал дерг хьаьшна,
Хьарамчу рицкъане хьовзар?

Маршо йац, лулахой иэгIош,
Къаьмнашца гIоьртина вахар,
Шен махкахь талораш дебош,
Дуьненна деса «бIов» бахар!

Маршо йуй, дуьненах кхетам
Ненан мотт, бух беш, ца кхиънехь,
Iилманца айлуш хьал, бахам,
Къам могуш даха ца хиънехь?


Рецензии