Бакъволу нохчо

– – Мила ву бакъволу нохчо? –
Сих-сиха бераша хотту.
Со вуху, жоп дала воьлча,
Эхь дуссий, дегIе цIе хьоду.

«Къастабе,– боху соь цара:
Тахана делла дош лардеш,
Хууш берш шайн ворхI ден цIераш.
Хьаналчу рицкъи тIехь «хьалдерш;

-Бусулба дин къилба дина,
Са йаккха и хьовзор доцурш,
Кадаьлча, догIуш верг хьаьшна,
Компенсаци» оьцур доцурш;

–Тхо оьзда кхиаре кхойкхург,
Схьагайта хьанал къахьоьгург,
Кхаъ ца луш болх, дешар дийца,
Маьхза нах тобеш лор вийца?

–Ахь дуьйцу эхь, бехк, йахь, нийсо –
Даьржина туьйранийн панахь.
Тахана хьоьстуш бу ирсо
Катухуш, мохк боккхурш чIана;

–Бац бисна аш буьйцу Нохчий,
Нохчийчохь беха «чеченаш».
Сийлахь ву дерг ахчий, бохчий, –
Махбечо буу къера дуйнаш»

Собар: «Со теша-м ца теша,
Бакъболу нохчий бац аьлча.
ВорхI дегахь бийца бух боцуш
Дош–дош дерш, багаха даьлча.

Ларлуш берш хьарамчу некъах,
Кхаъ кховдош даржаш цаоьцурш,
Даггара, кхерарца Делах
Дуьненах эхарт цахуьйцурш;

Мехкан хьал Iедалан даржехь
ЦагIертарш шайн кисна тетта,
Махкахойн хьакъ д1алурш бацахь,
Т1аккха-м вайх нохчолла дедда.

Делан дин, ненан мотт лоруш,
Дайн оьздангаллехь а нислуш,
Iедалан коьртехь бу оьшуш,
Шайн сица хьарамло йоцурш.


Рецензии