Со воцуш мегашдерг на чеченском
Со воцуш мегаш дерг сан дахар дац,
Хьо йоцуш мегаш дерг данне а дац.
ХIун дара, ахь баьхча хьайна ца веза –
Ца везча а, хьо еза дог хилча реза?
Ша-шена цавевзарг диканна вац,
Хьекъале хаьттича дахар дош дац.
ХIун дара, ахь баьхча хьайна кхин веза?
Кхин везаш хьо хиларх, суна хьо еза.
Свидетельство о публикации №111100709293