Хьалатосуш и можа латта на чеченском

Хьалатосуш и можа латта,
Даьккхира са нисбеш лахьта.

Селхана кхелхинарг тахна
Чувилла даьккхина лахьта.

Лахьти чу дижира дакъа,
Упханех накъост веш заккъа.

Барз бира: дийшира Еса.
Хийтира дуьне цхьа деса.


Рецензии
Цкъа-цкъа дог карадой деса,
Ойланца ас доьшу Еса,
Ткъа цуо и кийрара есалла,
Эккхайо,лерг хьостуш эсала.

Цкъа-цкъа дахарх терра хуьлу ойланийн бос а ,таь1на,сира...
Дала диканца дог оьцийла, Ша лоьручу массо а лайн!
Лерамца,

Петимат Абубакарова   11.11.2011 22:35     Заявить о нарушении
Барклла, Пет1амат!!! Ехийла Г1уоза!

Ибрагимов Лёма   19.11.2012 00:41   Заявить о нарушении