Ас къовсар яра хьо на чеченском
Дахаран къайленаш хьан хьоме хилча.
Къевсина хир яра дуьненан хьелашца,
Мах къовссий, цара хьо оьцуш ца хилча.
Ас дуьйцур дара хьоь, мел дукхаеза,
Безаман хотешкахь хьо лелаш яйча.
Шадоллу дог даста хир вара реза,
Со дохко воккхуверг хьо йоций хиъча.
Ас хьоьстур яра хьо къоначу шовкъаца,
Дуьненах къахетта хьо йоьлхуш яйча.
Бахьанаш ца лоьхуш – шеконех цIинвелча,
Ас къовсур яра хьо дуьненан къайленца.
Свидетельство о публикации №111100709073