Мила вуьсур те?
Ловзабаьлла х1орд,
Тулг1еш керчаеш,
-Мила вуьсур те?-
Ю со ойлаеш.
1
Лаьа, сийлахьберш
К1ел ца хьойла цуо,
Иман шайца дерш
Декъалбойла цуо.
Ловзабаьлла х1орд
Сихчу дахаран.
Хийла дуьра къурд,
Кхачош кийра хан.
Мила вуьсур те?
Муьлха тулур те?
Я д1акхоллур те?
Юьстах тосур те?
Лаьа ямарт нах,
Эшабойла цуо,
Лаьа, оьзда нах
Ирсе бойла цуо!
Свидетельство о публикации №111092709109
Аминат Абдурашидова 29.09.2011 16:38 Заявить о нарушении