Сайн Адаме
Цхьа бехк бу сан-
Дуьненчу ялар.
Дуьненахь юха-
Хьо лехар.
Хуьлушдерг х1ун ду
Цакхетар,
Хиллачул т1аьхьа-
Эхь хетар.
Со хила юллушшехь
Иман,
Имансиз х1утту со
Тилъян…
Сайна х1ун оьшу ца хаьа,
Суо хьуна оьшийла-м лаьа…
*** *** ***
Диц ца ло зезагаш
Ахь суна делларш
нур-серло безаман
шайца ас мелларш.
Х1етахь дуьйна аса ,
Са хьуна делла,
Ахьа а ца кхоош,
Дог суна делла,
Йиш яц вайн безаман,
Д1абан чим хилла,
Ирс дебо деза вай,
Шеа цхьаъ хилла...
05.11.17.
Ма дукха зама ю Хьо суна газа,
Хьоьга сатийсина Сан ойла лаза!
Свидетельство о публикации №111092708965
С пониманием и уважением за любовь к родному языку, Александра!
Александра Салюк 27.09.2011 22:44 Заявить о нарушении
А вот украинское слово майдан и на чеченском имеет почти такое же значение
С ув.
Петимат Абубакарова 27.09.2011 23:32 Заявить о нарушении
Александра Салюк 27.09.2011 23:35 Заявить о нарушении