Х1илла басня

Доллу дехкий схьагулдина,
Цициго цхьа къамел дина:

-Х1инца со ду тиша,къена,
Валар а дац ,хетарх,гена,
Лелинчунна дохкодаьлла,
Массарна къинт1ера даьлла.

Эццахь дехкий 1ехаделла,
Кхунна хьалха парг1атдевлла.
Цхьа а царех шек ца баьлла.
Ткъа цицига-м девне даьлла:

-Х1инца гайтал суна чехка,
К1адаарна берриг бехке!
Т1аьхьа кхийти цунах дехкий,
Къеначо уьш д1асалаьхки.

Цициго хьовзийнарг хилла,
Шена дехкий даа х1илла.
Хаза хабар дуьйций хьоь,
Х1илла долчо дойъу доь.

               



               


Рецензии
Ваааааа. хаза язъйо ахь..

Ваха Докаев Шалавдиевич   29.09.2011 18:31     Заявить о нарушении
БаракАллах1,тхан Дас сих-сихха кицанна даладеш а,дуьйцуш хезна дийцаран буха т1ехь язйина ю и басня...
С ув.

Петимат Абубакарова   29.09.2011 19:34   Заявить о нарушении