Х1ажарний, Фатиминий
Цхьалха йиси гуьйре,
Шийла еъна 1уьйре,
Ши йо1 байлахь юьсуш,
Г1ийла узам буьсуш.
Г1азот новкъа воьдуш,
Эхарте сатуьйсуш,
Лелла Да а кхелхи,
Ши нана а елхош:
Цхьаъ-ша вина нана,
Юха-берийн нана.
Х1инца шуьшиъ йиси
Цхьалха,нана йоцуш,
Цуьнан цхьа васт диси
Шух д1акъаьстар доцуш.
Гуьйре,тиша гуьйре,
Кхечи елхош 1уьйре.
Цхьа сингаттам биси,
Ши йо1 байлахь йиси…
2007-2008 шераш
Свидетельство о публикации №111092300710
слов. В нем наших горцев характер. Спасибо, Петимат. Так держать!
Аминат Абдурашидова 24.09.2011 15:57 Заявить о нарушении
Петимат Абубакарова 24.09.2011 22:44 Заявить о нарушении