Гуьйренан мукъам
Гуьйренан мукъам
«Шах-ших» до дитташа,
Г1аш лаьтта эгош.
Мохо шен юткъа шок,
Т1аьхьара етта.
Малх, де а ца доттуш,
Цхьа г1ийла къиэга,
Лере схьахеза з1ок,
Д1о-о варшахь етта,
Хетарехь,хенак1ур ю
Вота еттарг,я хир и
Къенахо,попах диг детташ…
Мох соьцу,малх д1абов-
Т1адамаш-б1аьрхиш стигало
Комаьрша 1анадо лаьтта.
Церан и зевне зов,
«Т1ах-т1их» ша дарца,
Х1аваах иэделла,
Корах п1елг бетташ…
Гуьйренан суьйрено
Би х1ара уьйриг,
Бу иза гуьйренан т1аьххьара
мукъам .
Цуьнга ладег1а со х1унда яц
мукъа???
Свидетельство о публикации №111091708329
Дашо Аргунская 29.01.2013 10:57 Заявить о нарушении