Хьава
Кхузткъе исс шарахь ца карош лехна,
Кхолламан зерана юьхь дуьхьал хьаьжина,
Фирдовзан диканах къастар а текхна.
Шен синан испайлла хьулйина, хьарчийна,
Дахаран къизалло шелярна кхоьруш,
Дуьненан харцонаш хийлазза елхийна,
Юьхь-сибат гIурачу шовданах кхолуш.
Нур цIенчу хазалло, заманца къeвсина,
Йогучу цIараца, яйъа ца ло,
Дуьненал, эхартал, шен сил а вазвина,
Хьалхара Дела, шозлагIа хьо.
Свидетельство о публикации №111052608807