Ойланийн м1аьргонаш
Заманца сихялар доцуш.
БIарзъелла ойланаш йигалахь
Селхане айхьа куьг лоцуш.
Гой хьуна? Д1о бешахь тийна,
Дада ву ламазаш оьцуш,
Ткъа баба, урчакх а хьйзина,
Т1арг1анах пазаташ юцуш.
Ткъа ц1енкъахь тайнигаш яржийна,
Йоьттина шура писуна,
Шен г1енийн бeхчалгаш ловзийна,
И йижнарг евзирий хьуна?
Свидетельство о публикации №111030509817