Йолахьа б1аьсте
Даймахкахь санна,
Даржадай г1ург1езийн т1емаш,
Елалой акказийн зазанах тайна,
Екхалой серлонца 1енаш.
Испаллийн тулг1ица, мелачу мохо
Техкаеш, дуьххьара санна.
Б1аьсте, латаяй хьайн маьлхан товха,
Йолахьа т1аьхьара санна.
Свидетельство о публикации №111022800914