Нана
Нана, ахь ларби вайн ураман некъ.
Хьан даго воьхучун ларе ладоьг1уш,
Сатуьйсуш йиси хьан йиллина не1.
Кхолламо вохийна марзонийн юьйранех,
Хедийна некъаш и маьрша вац.
Хьан куьйгийн йовхо бен, гинаерг г1енах,
Ваьллачуьн махках кхин ирс ма дац.
Ненан чиркх мел богу некъ хьоьху седанах,
Азаллех йозуш ю х1ора м1аьрго.
Амма и д1аялахь тилвелла хир ву хьох,
Дуьненан шорталлехь цхьа некъахо.
Свидетельство о публикации №111022600976