***
Адмаша бинарг сел беха.
И цхьа некъ – мел дукха къийсарх,
Хийцалур боцург вай дехарх.
Дуьненчохь уггар а беха,
Дуьненчохь уггар а боца,
Массо а некъел бу къаьхьа,
Массо а некъел а мерза…
И цхьа некъ – б1аьрлаг1ех лаьтташ,
Дуьтуш берг шел т1аьхьа хаттарш,
Дог хьостий, вай т1ома дохург,
Дог дагош, вай къиза отург.
И цхьа некъ – адаман дахар –
Къизачу сийлаллехь вагар…
И цхьа некъ – эшаман аре,
И цхьа некъ – толаман х1оллам…
7.04.10.
Свидетельство о публикации №110121505030