Г1айг1ане илли
Дуьненна къарлучу дегнашна т1ера…
Коша т1ехь барз санна, цхьалха а 1уьллий,
Бераллин аз кхочу суна тхайн ц1ера.
Б1аьргашна хазадерг долучохь хаза,
Дагна ца бевзачохь я цхьа а лазам,
Дог1ано олуш ма хиллера илли,
Сан ненан кортали шен коьрта туьллий.
Дог1анан х1ора а т1адамна т1ера
Ловш ю ас аз доцу, дог доцу г1айг1а…
Х1ай, дог1а! Цхьанхьара ду вайша ц1ера,
Цхьаъ ю вай ловш йолу дуьненан г1айг1а.
Лаьтта т1е мел 1ена дог1анан илли,
Кхачор яц дуьнено шен меца г1айг1а.
Г1айг1ане г1айг1а шен ох1ла а хилла,
Хийланиг къаьстар ву дуьненахь вайха…
Свидетельство о публикации №110121505006