Дахаран жайна

Дуьненчохь яздан ас долийна дахаран жайна,
Цу чохь цхьа элп хир дац тидамза цкъа а дIадайна.
Къолам и дог ду сан, ткъа кехат – дуьненан аре,
Сан некъаш, лаьттинарш хьоьжуш со дуьненчу яре…

Дуьненчохь яздан ас долийна яхаран жайна,
Ду иза, эзарнийн, эзарнийн санна цхьа дахар.
Ас хьалха яздинарг карош ду тIаьххьаре сайна,
Диканца яздинарг хуьлуш бу сан кошан бахам.

Ткъа деша? ХIинца цхьа ца хIутту иза дIадеша,
Амма и довр доций, даима даггара теша…
                06.07.08шо


Рецензии
Говза а, маь1не а мог1анаш яздо поэтессас!
Кхид1а а кхиамаш хуьлда кхоллараллехь!
Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   23.05.2022 10:02     Заявить о нарушении