Тийналла
Даим а сийналла ю.
Сан байтийн Iаьнарехь дебаш
Мукъаме тийналла ю.
Аренан тийналла, ломан
ГIургIезан мас санна, яйн.
Тийналла хьуьнхарчу Iоман –
Аз доцу весет сан дайн.
Тийналло дарба дой, цкъацкъа
Дерзадо дагчуьра даI.
Амма и ханна бен яц-кха –
Байттамал, байттамал-яI…
Хоттане, 1980 шеран июль
Свидетельство о публикации №110110205469