Бералла дагалоцуш
Хьаьрса декхнаш махехь техкаш Iа…
Яьлла яц-кха бераллера хьожа
Кху сан денойн куьйгаш тIера дIа.
Зезагаш ду, ховха беснаш оьхьуш,
БIаьргаш хьала хьежош гIушлакхе…
Лийлир-кха со, уьш сайн нанна кхоьхьуш,
Беснаш лепош сийна, можа, цIен…
ДоттагIа а вицлац берахьлера,
Ловзуш лелларг сайца буьрканах.
Булкх-хи юххехь хилла МIомуш хьера
Ондда дIаийна сан кхетамах.
Хьочан заза санна, оьгу шераш,
Амма цаьрга иэс сан къан ца ло.
Ас йиц ца йо сайн юьртахойн цIераш,
Уьш сан дагна шаьш ма-барра го.
Сан бераллин хьожа-м ю цхьа тайна,
И ма ю и – беш сан дагна там -
Сан оьмаран уггар коьрта жайна,
Ас сайн ирсан неI схьайоьллу тIам…
Победино, 1979 шеран июнь
Свидетельство о публикации №110110205398