Бераллин бIарлагIанаш

Акхтарг лаьтта, стигла хьоькхуш нуй,
Малхо хьоьсту винчу цIийнан пенаш.
Бераллино дагчу тесна суй,
Корехь леста боллан сийна генаш…

Сан бераллин махехь леста гIаш,
Дуьне ма-дду Iена маьлхан борза.
ЦIенкъахь ловзу дашо IиндагIаш, 
Царна тебаш Iа тхан цициг къорза…

Серладохуш сан ойланийн ткъес,
ГIайби бухахь лепа ненан туьйра.
Доггах толлуш дицлур доцу иэс,
Сан бералла лела когашIуьйра.

Бераллино дагчу тесна суй,
Корехь леста боллан сийна генаш…
Акхтарг лаьтта, стигла хьоькхуш нуй,
Малхо хьоьсту винчу цIийнан пенаш.

Хоттане, 1981 шеран май


Рецензии