Сихаллехь дицдина весеташ дайн...
Алийша, махкахой, вай мича хьаьвдда?
Гонаха бIаьрг тоха хан яц-те вайн?
Ма чIогIа цIубдо вай дуьненан хьаьвда?
Хьомечу дайн лаьттах сан лазам бу.
И бу ас гуттар а сайн кийрахь къуьйлуш.
Со иза иллешкахь дIакхайкхош ву,
Сих-сиха Даймахках дага а вуьйлуш,
Хийлазза: «Замано ерзайо чов»,
Бохуш, аш сан лерехь «зурманаш» лекхна.
Де-дийне сеттина лаьтта дIо стов,
Теш бу сан бераллин дIо берд а текхна.
Мичахь ду цаьршинна лерина гIо?
Дийцаре дийцина «заманан дарба»?
Стов шена чохь кхиъна хьун гIийла го,
Текхна берд хьанна а атта бу къарбан.
Цхьабакъду, хено ша ерзаяхь чов,
Ерзор ю вай гIодахь и ерзо цунна.
Хьурмато къовлур ду шен дашо ков
Бендацарх хIайкал дан мел гIертачунна.
Iаьржа бос – Iаьржа бу, ткъа кIайниг – кIайн.
Ма лара цхьатерра марзо а, стим а.
Кийрара саьхьарло дIаяккха шайн,
Юкъарчу гIуллакхийн ойлае жимма!
Хьаж-цIийнах таръелла кертара беш.
Вайх хIора дан гIерта Iар-дахар атта.
Iаламан чевнашна ваьш дарба деш,
Ларде вай, махкахой, Даймехкан латта.
Соьлжа-ГIала, 1980 шеран август
Свидетельство о публикации №110110205321