Сан Хоттане сан баьццара эвла...
Сан кхетамехь ду хьан орамаш.
Уьш дIадовлахь, дерриш дакъаделла,
Суна хьакъ ду уггар Iаьржа каш.
Хьуна генахь даг чу юьллу гIура,
Ястало и хьо бIаьргашна гуш.
Хьан некъашкахь Iуьллу тIулг а суна
Чиркхах богу, буса серло луш.
Хьо бен яц-кха сан са паргIатдаккха.
Ас сайн оьмар ерриг хьуна ло,
Нохчийчоьнан уггар аьхна дакъа,
Серладаьхнарг сан дайн бIаьрсино…
Хоттане, 1981 шеран май
Свидетельство о публикации №110110109027