Сан дахар
Ленйоцу Iалашо лаьцна -
Ца тоьлу стигларчу гIаргIулел лекъ,
Мел хиларх и атта лаьцна….
Шал-шера къаьсташ бу сан иллин мохь
УгIарехь дерачу дорцан…
Лууш ву со талла кхолламан бохь,
Цхьаьнгге а ца доьхуш орца…
Арешна, тогIешна бетта ас букъ,
Ирхенаш эшаян Iемаш, -
Хала ду тIаьхь-тIаьхьа мел доккху дукъ,
Дазделла сан иллин тIемаш…
IаьнтIехь ас чилла лов, ткъа аьхка – тов,
ХIетте а ца лаьа тиекъа…
Емалдо шахьарийн урамийн зов
Татано ас бечу некъан.
Тийналла йохош ду сан гIулчийн дур,
Дегадеш хIаваан пиллиг.
Букъ тIехьа буьтуш сайн эшамийн мур,
Некъ барехь дуьллу ас бIиллиг…
Хууш ву, сайн болар ас даккхахь гал,
Там бу кху тIулгаш тIехь вожа.
Цундела ца йо ас Iалашо мал -
Лепа и, малх санна, можа…
Кхета со, каглахь сан кхолламан таж,
Лам соьга хьожур бу гома.
Делахь а, теша со: и бац сан кхаж!
Дала со кхоьллина тIома!
Цхьаммо цкъа керстйича сан некъан лар,
Ас дина гIалаташ лоьхуш,
Сан некъан жамI дийр ду сан къомо лар,
ДоIанехь со Деле воьхуш…
Мила ву Iалашо ца лехнарг цкъа,
Хотталахь бертал а оьгуш?
Ца гIатта ца лиънарг мила ву, ткъа,
Гор воьжна Iуьллучух хьоьгуш?
Ас лоьцу сайн некъан халонан лаг,
Хьуьнарца сайн дегI а дулуш.
Со хьанна хетар ву дуьненчохь стаг,
Вацахь сайн ницкъах бIобулуш?
Сан сийдеш гIаьттина сан некъан чан
Хьестало, белшаш тIе хуьйшуш.
Ас кIадо ца йо-кха сайн болар дан,
ГIулчашца чаккхармаш Iуьйшуш…
Дахаран некъ бо ас, ирбина бIаьрг.
Хуьлда сан Iалашо гIоза!
ДIо хьалха хир-кха цхьа билгало, хьаьрк -
Сан некъан чаккхенан доза…
Хоттане, 1982 шеран апрель
Свидетельство о публикации №110110108827