Сан некъ

Сан некъ – хьо бу суна, теша,
ГIулч иръен аьлха.
Ахь кхоьхьу сан ирсан беша
Азанаш маьлхан…

Сан некъ, хьоь сатуьйсуш даим
Анасиз лаьтта –
Стигалх дIа ца оьйтуш дай и-м
Вайн къинойн латта…
 
Сан некъ, ахь гаре сатуьйсу
Хьайн ваша – догIа…
Iаьржачу мархаша луьйсу
ГIаргIулийн могIа…

Луьсту ахь гарш, новкъадахарш,
Ойланаш ячош,
Гергарчийн Iожаллеш, дахарш,
Безамаш, ачош…

Сан когех хьожа а йохуш,
КIамво ахь кхерста.
Ойланаш сан акха йохуш,
Хьо керта леста.

Хетало хьан галцаш наггахь:
Цкъа – вон, цкъа - дика.
Хьайна сан гIулч-болар магахь,
Абде со вига…

Сан дегайовхонаш лаьтта
ДIо хIуьцIий-чIуьчIехь…
Бижахьа, сан некъ хьо, лаьтта –
Сан кхиэлан куьцехь…

Хьайн кераюккъе со виллий,
Хьуо суна хьиеха…
Сих-сиха олуш сайн илли,
Со хьоьца веха…

Хоттане, 1982 шеран март


Рецензии