Нене

Сан нана, дIавоьдуш, ас дуьту хьуна 
ТIехь беттан бос богу сайн иллийн жайна.
Цу юккъехь сан дегайовхо ю хьуна,
ХIоара баланза кIен буьртиг санна.

Шорделла, ас гулъеш дахаран баккхал,
Ас тIехьерчийначу декхарийн тIорказ –
МогIанийн деши сан хилахь уьш таккхал,
И хьош хьо декхарийн дайшна тIе гIор-кха…

Хьан кхерчан цIарца ас лалийна гIура,
Хьан куьйгийн токхонца эшийна гIело.
Хьоьца ас баьккхина дахаран мур а
Хиллера безаш ас гитоьхна лело…

Весет деш ас дуьту хьуна, сан нана,
Даймехкан стиглара седарчийн абат.
Хуур ду хьуна ахь и дешчахьана
Мел гена хиллера со ирсах Iаба…

Хоттане, 1981 шеран апрель


Рецензии