Сахалин гIайренах хьаьрчича дохк...

Сахалин гIайренах хьаьрчича дохк,
Нохчийчоь, хьо даим го суна гIенах.
Тарло хьо суна сайн хьомечу ненах.
Хьо марша богIийла, сан хьоме мохк!

Ас хьуна гIуллакхдеш баийна гош.
Доьху хьоь, беш суна, дас санна хьехам,
Аттачу баккха сан ойланийн лехам.
Со цкъа а виц ца ван луо суна дош.

Ас байтийн дилханах огур ду и
Хаийта, сайн кхоллам буй хьуна муьтIахь…
Мох-дорцаш хьекхарх кху гIайренан уьйтIахь,
ГIорор дац хьоь болчу безаман хи.

Победино, 1979 шеран ноябрь


Рецензии