Нохчийчоьне
Йоьссича санна хьо хетало Лаьтта…
Хьан дегIан цхьа меже – Хоттунхойн лам –
Хьайн куьйга ахь доьгIна чурт санна, лаьтта…
Ахь лайна дуьненан жоьжахатеш,
Амма ца хIоьттина цкъан цкъа а гуора.
Хьайн кIентий кхалхаран хилла хьо теш,
Уьш лахьте берзо а тоьъна хьан гIора.
Керлачу хенаша хIун дахьар-те?
Вай кхоьллинчунна бен и хууш дац-кха.
Дог карзахдийларо-м ийзаво тIе,
Хиндолчун ойлаеш, сагатло цкъацкъа…
Шеконца бех ца йо ас деган ботт:
Со теша, Нохчийчоь, хьо хир ю маьрша…
Хьан ира герз ма ду сан къоман мотт,
Цундела мостагIий хир бу юхьIаьржа.
Хоттане, 1982 шеран март
Свидетельство о публикации №110110108634