КIенташа, когаш кIел...

КIенташа, когаш кIел
сий дайна ахчанаш туьйсуш,
Дуй хуу кхахьпанаш
хелхаран болана къуьйсуш,
Оьздачу мехкаршна
кхачош и юьхьIаьржо йовзар,
ДIадоха хьеделла
лаьтташ ду да воцу ловзар.

Бехкамийн кепаша
къийлина са маьршадуьйлуш,
Даьндаргал масъяьлла
хьийзаш ю дIо хелхаюьйлург,
Цо тIаьхьавазориг
вирзина шовкъечу хорше,
Пондаро са кIамдеш
со а дIавоьху цу хорша.

Гора-яI!
Цкъа мукъне
го юккъе эккха со?
ХIан-хIа!
Со-сайна бехкечу
сайна ас дер иза хьарам –
Кху махкахь дахделла
тезеташ юкъара мел ду,
Кху махкахь ловзар а
да воцуш мел ду.


Рецензии