Хамталла

(поэма)

«Ты мне сто лет не нужен».
(Инарла В.Шамановс,
юкъарло дохьуш,
шена тIевеанчу
юьртдега Р.Вахитовга)


1.

Маьлха-Дуьне дера чехош,
Луьйш ду харц дуьне.
Тешнабехко леци те хьо,
Маьрша Нохчийчоь?

Букълуш лаьтта хьуна гонах
Бода эскарийн.
Хьуна тIехьоькхучу хIонах
Хьожа йогIу цIийн.

Геннахь ткъесаш лелха, кийра
ЭтIош буьйсанийн.
Хьан стигална хилла хийра
ГIовгIа кеманийн.

Хьан массо а дика-вонах
Яхь гIиттийнарг сан
Аравели, кхаа гонах
Доккхуш мерза са.

Iалашъеш хьо массо вонах,
ЦIерга лилхина
Хьан сий хилла хийла къонах
Цхьалха висина.

2.

ПашкагIарна доккха дийца
Дош ца дуьтуш кхин,
ВовкагIара хьуьйш бу хIинца
Керла кегарий.

Нохчийчоь шаьш цIанъер бохуш,
Амал эцна койн,
Хенал хьалха, кхаьънаш дохуш,
Кечдо цара той.

Террористийн неIарх-чкъурах
ДабагIа а деш,
Бакъ-законийн диктатура
ЧIагIъер, боху, шаьш.

Ламчу хьалахохкур, боху,
Етташ, тIемалой.
Черчийн Iуьрга лохкур, боху,
Гила берзалой.

Оьшурий те юхакхолла
Керла вилсапед,
Аьлла, хаьттинчунна кхалла
Кховдайо нипед.

3.

Нохчо волчун таханлера
ЦIе ю - террорист,
Ненан кийрахь долчу беран
ЦIе а - террорист.

Оцу аьшпех дуьне тешо
Оьккхуьйтур ду цIа,
Бухайисна шеко эшо -
Кхин а, кхин а цкъа.

Юьхь тIе тоьхна туйнаш санна,
Нохчочунна тIехь
Буьсур бу-кха цхьана ханналц
И шен боцу бехк.

Хьаштах вала ваханчохь а
Лоцур ву-кха и.
Хин меттана кехат хьахь а,
Бехказло ца хир.

Кхин а цхьа цIа даккха тIема
Кечам керчабеш,
Iорадер ду керла къемат -
Хьулдан шарам беш.

Цунна тIера ойла яккха
Сихо маса ер,
Хьалхачул а марсадоккхуш
Нохчийн цIарна лер.

Кху дуьненан карти тIера
ХIора чевне харш
«КIоргга» талла арадер ду
Цхьацца даьIна тарш .

Дена эшахь, дер ду сов а
Церан талламбар:
Массо дов а, массо чов а
Хир ю нохчийн лар.

Дена тайна аьшпийн йовхарш
Етта детталуш,
ЖIаьлийн тIингарш этIа боху,
Уьш ца тохалуш.

4.

Чорда ду аш доху бехкаш,
Iиттабахамаш.
Хецабелла меттан бехкам
Дастамбоху аш.

Цуьнан хьожа яржа йоьду
Дуьне мел ду дIа,
Цунах дисна Iаьржа доь ду
Шун гIелъелла Iаь.

СадаIийша, хIай, сан децIа
Шайн цIа хетта дерш.
Ас шун метта дагардей цкъа
“Нохчийн бехкех” дерш.

Демократи Iахарйисна -
Нохчийн лар ю и,
Пана махках байракх йисна -
Нохчийн лар ю и.

Мэрин марна кIунзал баьлла -
Нохчийн лар ю и,
И стуннанна гучубаьлла -
Нохчийн лар ю и.

Дада ву маларна тIера -
Нохчийн лар ю и.
КIордош бац-кха и синкъерам -
Нохчийн лар ю и.

Цо “калинка” шога лекхна -
Нохчийн лар ю и,
Дирижеран нека хьекхна -
Нохчийн лар ю и.

НеI ца йоьллуш, кема лаьтта -
Нохчийн лар ю и,
Паччахь когаш тIехь ца лаьтта -
Нохчийн лар ю и.

ТIадийна цо шуьйра шарбал -
Нохчийн лар ю и...
Карош дац-кха цунна дарба -
Нохчийн лар ю и.

КIордийнехь а, сох ца йоьлла
Деладенна аш
Нохчочунна, Нохчийчоьнна
Лестаен диларш.

5.

Луьйта лаца Дада вогIуш,
Говра воьгIна верг,
Хьан «хьуьнарш» а ловр ду оха,
Тхайна хьегIаш дерш.

Хазчу царна тIаьхьа догIу
Къемат суна-м гой.
Сих ма лохьа байракх йогIа -
Къахьлур ду хьан той.

Суначул а хьайна дика
Бевза боху къуй
Айхьа хIинццалц маьрша битарх
Хьо-хьуо кхеташ вуй?

Уьш схьалеца ваьлла, аьлла,
Араваьлла хьо,
Маьршачарна майраваьлла,
Оччаваьлла хьо.

Ахь ца хьулдо хьайн цавашар,
КIоргга хьекхош церг,
Вукхара а тхоьгахьа шайн
Схьа ца ухьу лерг.

Тхан синош чу ира йоьгIна
Тоьпийн къамкъаргаш.
Цара шайна герзаш тоьхча,
Тхуна туху аш.

Семма хьаьжча-м, цхьаъ ма веца
Коьрте хиъна къуй,
МуьтIахь боцу къуй схьалеца
Ахь мукъ белла къуй.

Туьйранех шун тешна Iийна,
Эшна Iийна со,
Верас хIуттуш, ахь тилийна,
Вукхо - вийна со.

ХIун бен дара суна, вийча
Суо - я цуо, я ахь? -
Иза, тIамах ловзарш тийча,
Соьга хатталахь.

Амма тIаккха-м, сайн хамталла
Йоккхуш сиртан тIайх,
Ас шун кIезга верасалла
Хердийр дара сайх.

6.

Маьлха-Дуьне мерза Iехош,
Луьйш ду харц дуьне.
Байлахь йисна хьо ю чехош,
Маржа, Нохчийчоь!

Хьан массо а дика-вонах
Яхь гIиттийнарг сан
Лелаш ву-кха хьуна гонах,
Мерза доьIуш са.

Iалашъеш хьо массо вонах,
ЦIерга лилхина
Хьан сий хилла хийла къонах
Цхьалха висина...

Хьуна чохь бу кошан бода,
Тайпа - эскарийн.
Хьуна тIера гIуьтту хIо а
Хьожанах ду цIийн.

Хьан стигална хилла хийра
ГIовгIа кеманийн.
Герзах йоьлху иза, къийлам
Лайна къонахийн.

Маьлха-Дуьне мерза Iехош,
Луьйш ду харц дуьне.
Царна тIера доIа дехьа,
Сийлахь Нохчийчоь!


Рецензии
Дала декъал войла Вуса. Дика к1ант вара и

Ваха Докаев Шалавдиевич   09.03.2011 03:35     Заявить о нарушении