Хьо тилийна мостагI...

Хьо тилийна мостагI,
ХIилла схьа ца достуш,
Майрра ваьлла сехьа.
Хьо а ваьлла дехьа.

И - дозанал сехьа,
Хьо - дозанал дехьа
Волуш, тIамах ловзар
Iамийна аш говза.

Туьйранашца къуьйсу
Хьуьнарш маттах луьйсуш,
Нах ма кхардабейша -
Тапар-тапе  Iейша.


Рецензии
дала нисдойла вай

Ваха Докаев Шалавдиевич   09.03.2011 03:35     Заявить о нарушении
лергаш дерг санна, вай дуьхьал ца г1ертахьара.....

Адам Ахматукаев   09.03.2011 17:30   Заявить о нарушении